Технологийн а, пропагандин а дакъошкахь Оьрсийчоьнан регуляторшна шерашкахь синтем ца карабора YouTube бахьана долуш. Оьрсийчохь хIинццалц схьа хаамийн, информацийн, самукъадаккхаран, ма-дарра аьлча, цензура йоцуш, эзарнаш оьрсийн блогершна а, йукъараллин ойланаш дIайовзуьйтучу лидершна а дикка ахча доккхуш йолу коьрта хьаста хилла видео плтформа йу иза. Оьрсийчохь мел хан йисина Ютубан - говзанчашна хетарг а, бакъдерг а.
Оьрсийчоьнан YouTube-ах пайдаоьцуш болчийн цунах чам баккха а, цаьрга и дIататтийта а Iалашонца, пачхьалкхан Ӏедалша "садукъийна" Google-ан долахь йолчу платформин, цуьнан болх йехачу видеошка хьийса аьтту бохош, чехкалла лагI а йеш.
Кремло кхерамаш тийсира кремневан тогӀин гигантана, Google-ан серверш Оьрсийчохь дӀахӀиттор тIедожош, регуляторийн цуьнан трафикна тIехь кхачам боллуш терго латтайайтархьама. Иштта хаддаза хьийза, низамийн Ӏуналлехь хир йолу чоьхьара альтернативаш кхолла.
ХӀун жамӀаш ду цуьнан карарчу хенахь? Говзанчаша дийцарехь, Оьрсийчоьнан Ӏедалш цкъачунна кийча дац YouTube дӀакъовла, амма кестта аьтто хир бу церан.
Шерашкахь чIагIбеш, оцу агIор беш болу болх, Кремло гIортор а йеш, шуьйрачу компанин цхьа дакъа ду. Оьрсийчохь шаьш "Iуналла а деш", доза доцу некъаш ло шаьш информацина тIекхача бохуш, пачхьалкхан бахархошна сурт а хIиттош, Iедало а, къайлахчу сервисаша а тIехь контрол латтош, харжам бойтур бу цаьрга.
Оцу кампанин гурашкахь дахначу кIиранах Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIахаийтира, Meta-н долара WhatsApp шаьш дIакъовла кечлуш хиларх.
Орсийчоьнан интернетехула "Немцойн арахьарчу политикан йукъаралла" (DGAP) центран талламча а, эксперт а волчу Дитрих Филиппна хетарехь, Оьрсийчохь YouTube гIарайалар – иза "билггал Iедалохошна кхерам" бу. "Кхеташ ду, нагахь санна, муьлха видеош интернете йохур йу, муьлхарш йохур йац бохучунна тӀехь Ӏуналла дан аьтто балахь, шеко йоцуш, цуна боккха пайда хир бара".
Коьрта ловзархой
Миллионашкахь Оьрсийчоьнан бахархой хьоьжу стриминг видеосервисашка. YouTube, шеко йоцуш, уггаре а гьйаьллачех йу царлахь, 2022-чу шарахь чиллан-баттахь Оьрсийчоьно Украинана тӀелатар динчул тӀаьхьа кхиа йолайелира и тенденци.
Навальный Алексейс а, цуьнан коррупцица къийсам латточу фондо а YouTube-хь бинчу талламаша гулбора беккъа цхьана Оьрсийчохь иттаннашкахь миллионаш хьвсархой. Оьрсийчохь а, дозанал арахьа а I0 миллион сов стаг йазвелла ву йозуш йоцчу интервьюеран Дудь Юрийн YouTube-канале. Mediascope компанин маркетинган талламашца, 2024-чу шо йуккъе даьллачу хенахь YouTube-е хӀора баттахь 96 миллион гергга Орсийчоьнан вахархо кхочура, амма и терахь лахделла 2025-чу шеран хьалхарчу декъехь, регуляторша и сервис лагӀъйан йолор бахьана долуш.
Оцу заманчохь рунетехь мел лахара а пхиъ видео стриминг проект гучуйелира, YouTube-ца къовса лерина.
VK Video — “ВКонтакте” кхоьллина стриминган сервис йу, Оьрсийчоьнан Фейсбук аналого йукъайаьккхина, - иза тIаьхьайуьсу хьовсархой кIезиг болуш, амма цуьнан аудитори де дийне кхуьйш йу. Кхин а платформаш йу Газпроман долахь йолу RuTube-н; 2022-чу шарахь Яндексера дӀайаьлла Zen а; Video OK а, Фейсбук санна йолу кхин цхьа социалан медиа платформа а йу "Вконтакте" машанан долахь. ANO "TВ-новости" (Russia Today хьсто лелош йу), инвестицеш йина стриминг-сервисна "Платформа", иза дӀайолийра 2024-чу шеран мангал-баттахь.
Ткъа "Платформа" сервисах дерг аьлча, иза массо а барамашца эшаме йара: денна церан агIоне кхочу аудитори - масех иттаннаш эзар стаг бен вацара. Талламан "Система" проекто бинчу хаамца, "Платформехь" уггаре а йаьржина контент пиратийн йу. Байначу баттахь "Платформа" кечъеш болчара дӀахьедира, и сервис "йуха а дӀайолор йу" аьлла.
VK Video – иза коьрта ловзархо йу. Церан ахча ду. Царна гIортор йо пачхьалкхо
"Иза гуш ду, шен коьрта конкурент йолчу YouTube-на блок а тоьхна, „бизнес“ санна йуха а сервис кхолла гӀертар ду хIара", - боху Оьрсийчуьрчу блогеро, "Интернет ларъйаран йукъаралла" бакъонашларъяран организацин директоро Климарев Михаила. "Оцу йукъанна хууш ду, и ахча [пачхьалкхан] бюджетера схьадогӀуш хилар, долахь болчу инвесторшкара а доцуш. ХӀара могӀарера къоланаш дар ду".
Дитрих Фииппа бахарехь, карарчу хенахь VK Video уггар а йехар йолу YouTube-н альтернатива йу. Эххар а цо иза йерриг а хуьйцур йу аьлла хета цунна: "Суна хетарехь, цхьаъ бен йоцу тоьллачех альтернатива йу VK Video. Иза коьрта ловзархо йу, аьлла хета суна. Церан ахча ду. Царна гIортор йо пачхьалкхо.
Уьш берриш а ва-банке гIур бу. Церан серверш а, инфраструктура а, дика программни гӀирс а, дика инженераш а бу. Ахча коррупцин схеманашна йукъа ца додахь, иза боккъал а шена леринчу Ӏалашоне кхачахь, ВК Видео кхиаме хир йу".
Пачхьалкхан гӀо-накъосталла до "Вконтакте" машанан контролан акционерийн а, цуьнан лакхарчу куьйгаллин а кепехь. Путинна тешаме волчу Ковальчук Юрийс шен Ӏуналлехь латтош йолу страхованин компани СОГАЗ йу пачхьалкхан "Газпром-Медиа", газан гигантан "Газпроман" медиа-декъаца. Иштта "Газпром-Медиан" долахь йу Кремло кест-кеста официалан видеош зорбане йохуш лелош йолу RuTube.
“ВКонтакте” машанан коьрта директор ву Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс волчу Кириенко Сергейн кIант – Кириенков Владимир.
Дитрих Филиппа дийцарехь, карарчу хенахь VK Video-х лаьцна уггаре а онда хаттарш доьзна ду цуьнан аудиторин барамца а, дикаллица а йоьзна йолу статистика тешаме хиларца. Кликаш, лайкаш, репотсаш, цаьрга хьоьжуш йайъина хан билггал дерг лу -те, йа шайггара дутйцуш ду, талла билггал болу гIирс бац.
"Пен" хьалаботтар
Оьрсийчоьнан Ӏедалш интернетна тӀехь Ӏуналла чӀагӀдан гӀертар долийра 1990-гӀа шераш чекхдовлуш. 2000-чу шарахь йукъайаьккхира SORM -2 – ФСБ-но а, Орсийчоьнан пачхьалкхан зӀенан комитето а цхьаьна кечйина оперативан талламан гӀуллакхийн система. I990-гӀа шераш йуккъе дахча тӀеэцначу, телефонан къамелийн ладогӀарна тӀе тидам бахийтинчу SORM-1 дӀайаьллачул тӀаьхьа, SORM-2 — интернетехь терго латторан гӀирс бу.
Церан садукъо деза
Дахначу шерашкахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша цхьа могIа низамаш тIеийцира, интернет-компанешна тIехь терго латтон а, Роскомнадзоран бакъонаш кхин тIе а шорйен а.
Цара чӀагӀдира махкахь коьртачу технологийн гиганташна – Яндекс, ВКонтакте, Mail.ru, Wildberries – тӀехь Ӏуналла дар, Кремлна тешаме болчу долахойн куьйгаллица.
Оьрсийчохь Ӏедалхойн тидам тӀе а ца бохуьйтуш, нах йеша а, хьажа а, чулацам бан а аьтто луш йолчу VPN-ех пайдаэцар, ма-дарра аьлча, зулам лоруш ду. VPN лоьхучарна дуьхьал бехкзудаман гIуллакх даккха низам кечдан хьийзаш бу.
"Церан са дукъон деза, со вуьззина реза ву, ас хӀуммаъ а ийза а ца луш боху",- ишта элира Путин Владимира 2025-чу шеран стигалкъекъа-баттахь. Оьрсийчоьнан совдегаршца хиллачу цхьаьнакхетарехь Iva Technologies компанин коьрта директоро Иодковский Станислава, Орсийчуьра арайовланза йисинчу Microsoft, Zoom компанийн болхбарна жимма доза тоха деза аьлча, делла жоп дара и.
Оьрсийчоьнан интернетехула эксперт волчу Дитрих Филиппа ишта хьесап дира: "Корейхойн кепе кхача ца гIерта, китайхойн моделе кхача хьийза аьлла хета суна Оьрсийчоь. Цхьаболчарна моьтту, йолу интернет дIайоккхур йу аьлла. Иза хуьлийла йоцург ду. Цо экономика хIаллакйийр йу".
Нах тIе а ца теIош, оцу апликацех пайдаэцийта гIерта
Оьрсийчоьнан YouTube-на гена баьхна ца Ӏаш, Ӏедало дӀахьош йу MAX цӀе йолу „супер-апликаци“ кхолларан ойла а, цуо аьтто бийр бара бахархойн дуккха а хӀуманаш дан: чатехь къамелаш дан, мукъамаш схьаэца, ловзарех ловза, суьрташ дIасакхехьийта, онлайнехь цхьаьнакхетарш дӀадахьа, банкаца операцеш йан,такси кхайкха, йасакх дӀайала, юург курьере тIейаийта.
"Вконтакте" машано кечйинчу MAX апликацин зераш дира 2025-чу шеран зазадокху-баттахь. Мангал-баттахь Путина дӀахьедира, йерриг а Ӏедалан онлайн-сервисаш MAX-е дӀайала йеза аьлла.
"Бакъдерг аьлча, аша дан дезарг хIун ду аьлча, цхьах дагадаийта деза, нах тIе а ца теIош, оцу апликацех пайда мухпа оьцуьйтур бара аьлла, - боху Дитрих Филиппа. – Оцу кепара цу экосистемех ца хилча йиш йоцург йийр йу: оцу апликацица массо а хIума дойла йу".
Иштта лечкъош дац Ӏедалхоша, пайдаэцархой гӀарабевллачу мессенджерех шаьш къахко гIерташ хилар а – Mediascope-н зерашца, карарчу хенахь Оьрсийчохь уггаре а гӀарайаьлла мессенджер йолчу Оьрсийчоьнан телеграмех, йа WhatsApp-х.
"Иттаннаш шерашкахь шаьш лелийна аьтто болу а, йевзаш а йолу платформа [оьрсашка] йитийтар, йане а кхераме йоцчу "Максах" тешор - хала гӀуллакх ду", - аьлла, дӀахьедира "Карарар хан" телеканалаца хиллачу къамлехь вевзаш волчу Оьрсийчоьнан интернет-жигархочо Дарбинян Саркиса. "Цундела суна хетарехь, вайга хьоьжуш йу изза сценарий, YouTube-ца дерг а санна. VK Video гIарайала йолайелира, цара YouTube дӀакъовла йолийначу хенахь. Оьрсийчоьнан Ӏедалша хӀинца а мукӀарло ца до шьаш иза дIакъевлина хиларх".
Текстан оригинал кхузахь йу