ХӀинжа-ГӀалара аэропортехь Израилна дуьхьал хиллачу къепедацаршна тӀехула долийна хилла дов дерза герга дахна. Цу къепедацаршкахь дакъалаьцна хилла бохуш дуьйцучу массарна а бохург санна, бехкаш дехкина. 139 стаг ву и, царна 6,5 шарна тIера 15 шаре кхаччалц набахтехь йаккха хенаш йиттина. Кхин а кхоъ лоьхуш ву. Талламо "зуламаш вовшахтоьхнарш" лоручарна кхел йийр йолуш йу, уьш карабаьхкина бацахь а. Кхузаманан Оьрсийчохь уггар даккхийчех а, таӀзар дарца уггар луьрачех а цхьаъ ду и бехктакхаман гӀуллакх. Тхан сайто листира, хӀун ду цуьнца тамашен дерг а, Дагестанехь иза муха тIеэцна а.
ХӀинжа-ГӀалин аэропортера кема гIоттучу майдана кхаьчнера масех бӀе стаг 2023-чу шеран гIадужу-беттан 29-чу сарахь. Кеманаш толлура цара, Тель-Авивера транзитан рейсаца баьхкина пассажираш лоьхуш. Гулбелларш эргIад баханера ГIазза секторехь Израилан эскаро ХӀАМАС тобано тӀелатар дарна (Американ а, Евробертан а пачхьалкхашкахь террорхойн санна къобалдина) операци дӀайахьарна. Цара тIедожийнера жуьгтий Дагестанера арабахар. Тель-Авивера пассажираш тӀеман вертолеташца кIелхьарабха дийзира.
Официалан версица а догIуш, къепедацарш дӀасадаржочу хенахь лаххара а 23 низамхочунна "тайп-тайпана луьра чевнаш" йира, ткъа аэропортана дина зенаш 24 миллион сов соьмана дара.
Дукха хан йалале Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, цхьа а бух а боцуш, дӀахьедира, и къепедацарш "доккхачу декъанна Украинан территори тӀера Малхбузерчу пачхьалкхийн агенташкахула дина" ду аьлла. Экстремизмна тIехула ден таӀзарш чӀагӀдан бахьана хилира Ӏедалшна хиллачух. Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс йуьхьанца дӀахьедора, къепедацаршкахь дакъалаьцначу "цхьанна а гечдийр дац" бохуш, амма шен махкахоша кӀеда-мерза хилахьара аьлла, кхайкхамаш бинчул тӀаьхьа, шен риторика кӀадйира цо. Дош делира, аэропортехь мел хиллачарна таӀзар дийр дац аьлла. И бахьана долуш, аэропортехь хиллачу хиламашкахь дакъалаьцна бохучу нехан кхелаш Дагестанал арахьа – Ставрополан а, Краснодаран а мехкашка дӀайаьхьира. Меттигерчу суьдхошна тӀеӀаткъам барна а, бехкебечийн дош лелачу нахаца "шуьйра зӀенаш" хиларна а.
Дагалецамашкахь дисина ХIинжа-ГIаларчу кеманан турби чохь жуьгтий лехар
Тешаша а, шаьш бехкебечара а динчу мукIарлонашкахь гучудолу, кхеле хIиттийначарна йукъахь къепедацаршкахь дакъалаьцна боцурш а цхьана хила тарлуш хилар. Бохура, социалан машанашкахь хуьлуш долчух дешначул тIаьхьа, хIун ду-те и аьлла, хьовсархьама баьхкинаш, йа цхьанхьара шайн цIа богIучу гергарчу нахана дуьхьал баьхкинарш а бара.
ТаIзар дина ишта, къепедацарш хIиттийначарна тIехIуттуш вистхиллачу, республикехь вевзаш волчу спортан комментаторна Рабаданов Рамазанна а. Цо дӀахьедира, шена тӀаьхьабовлар политикан бух болуш ду, тоьшаллаш а шайггара далийна ду аьлла.
Уггар а луьра шайн таIзар кхайкхийра кхело товбеца-беттан 16-чохь. ВорхI стагана 14 шарера 15 шаре кхаччалц хенаш кхайкхийра, шогачу хьелашкара набахтехь даккхийта. Бисинчу кхел йинчарна а санна, царна бехкедиллина ницкъ беш, Iедалхойн векалшна дуьхьал а буьйлуш, танспортан кхерамзалла а йохош, хьалххе дуьйна барт а бина бакъоларйархойн органийн белхахошна тIелетарна. Амма, официалан версица а догIуш, билггал хIун бехк бу оцу хIораннан а – хууш дац.
Товбеца-беттан 18-чу дийнахь Ӏуьйранна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Коьртачу урхалло хаам бира: ХӀинжа-ГӀаларчу аэропортехь хиллачу къепедацаршкахь дакъалацарна бехкевинчу 135 стагана таIзар дина, кхин а виъ кхелехь ву аьлла. И хаам бина 12 минот йаьллачул тIаьхьа Ставропол-мехкан прокуратуро керла таӀзарх дIакхайкхийра: веа бехкевечунна (хетарехь, изза Талламан комитето шен пресс-релизехь кхелан сацаме хьоьжуш бу аьлла, бийцинарш бу) 11 шарера 11,5 шаре кхаччалц набахтехь йаккха хенаш тоьхна аьлла. Царна йукъахь йара цу гӀуллакхехь цхьаъ бен йоцу зуда - Шарудинова ПатIимат. Аэропортехь къепедацарш дӀахьочу хенахь цо Палестинан байракх а лаьцна, нахе кхайкхам бина хилла боху, кхерамазаллин белхахойх ма кхера, хӀунда аьлча, "уьш бусулба нах бу" бохуш.
Къепедацарш вовшахтоьхнарш бехке бу аьлла, кхело кхааннан цIе йаьккхина. 2014-чу шарера схьа дуьйна эмиграцихь вехаш волу Оьрсийчоьнан парламентан хилла депутат Пономарев Илья (ГIирмина аннекси йарна дуьхьал хилла цхьаъ ву иза), террорхойн йукъаралла вовшахтоьхна аьлла, федералан лехамашка велла Iеламча Ахмеднабиев Исраил, Саситлинский Абу Iумар цIарца дика вевзаш ву иза. Ала дашна, цуьнца зIе хилла ву аьлла, набахте хьажийра дагестанхойн "Черновик" газетин журналист Гаджиев Iабдулмумин а, дIакъевлинчу "Утро Дагестан" телеграм-каналан администратор Абакаров Абакар а. Талламо дийцарехь, оцу ресурсехула дийцаредеш хилла гулбеллачара дан мел дезарг. Оццу йукхъанна Пономаревс чӀагӀдора, 2022-чу шеран гурахь дуьйна шен цу каналца цхьа а йукъаметтиг йац бохуш.
И кхоъ бехке веш ву массо а агӀор къепедацарш вовшахтохарна а, экстремистийн гӀуллакхашна ахча латторна а, цабезам йа мостагӀалла гӀатторна а. Церан бехктакхаман гӀуллакхаш луьстучу хенахь прокурор хир ву, 2023-чу шеран аьхка Путина дIахӀоттийна Рязан-кӀоштара схьаваьлла Дагестанан прокурор Эпп Виктор.
Цуьнца цхьаьна бехктакхаман гӀуллакхехь адвокатийн ницкъаш вуно кӀезиг бу – республикан омбудсмено Алхасов Запира дӀахьедина, шен статусо шена йукъагӀорта бакъо ца ло аьлла.
"Цхьа хӀума ду оха хӀинцале а дакъалоцуш дерг, таӀзарш дина нах Дагестане дIабигийта хьийзар. Шайна тоьхна хенаш такхийта. Иштта оха хьехарш делира Оьрсийчоьнан низамашца доьзна, бехкебинчу нехан гергарчара пайдаэца мегаш долу. Уьш апелляцин а, кассацин а инстанцеш йу. Амма кхелан инстанцеша тӀеоьцучу сацамашна йукъа тхо ца гIерта".
Къепедацар – Iедалхойн жоьпалла
Цу къепедацаршкахь дакъалацарна бехкебечарна таӀзарш луьра хилар доьзна ду масех бахьанца: тӀеман хан, регионехь контрол латтор Iедалхой шайн карара даларна кхерар, иштта кхерамазаллин блоко кхоьллина, къепедацарийн Путинан йина реакци а, тешна ву Дагестанера вахархо (кхерамазаллин бахьанашца оха цуьнан цIе ца йоккху – Ред.).
"Цуьнан реакцих "луьра хила" аьлла омра хилла, - боху хьостано. - Оццу хенахь, масала, стохка Коркинохь [Челябинскан кӀоштахь] хилла "циганийн къепедацарш" шога реакци ца йеш дитира. Ницкъаллин блокан а, Дагестанан куьйгалхочун а Iалашо йара – президентана гайта, аэропортехь хилла къепедацарш дуьненан а, Украинан а массо а къайлахчу сервисийн белхан жамӀ ду аьлла. ХIара къепедацарш - регионера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, къайлахчу сервисийн а, ишта губернаторийн а ледарло йу. Къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу Федералан агенталлан (ФАДН) белхахоша, социалан машанашкахь аэропортехь гулло бохуш, беш кхайкхамаш бу аьлла, масаьрга а дIахаийтина ма дара. Амма Ӏедалша а, ницкъахоша а хIуммаъ а ца дира и хӀума ца хилийта. Ткъа царех цхьанна а таӀзар ца дина оцу тIехула».
Кавказхойн кегийрхойн дийнан повестка – йукъара йу: цу тIехь Палестина хьалхарчу меттигехь йу
Къилбаседа Кавказехь болх бина бакъонашларъярхо Черкасов Александра а бохура, ХӀинжа-ГӀалахь къепедацарш ца хилийта Ӏедалан аьтто бара. Цо билгалдоккху, цхьа могӀа факторш бахьана долуш – географин, къоман, динан, историн – Дагестанан йукъараллехь чIогIа кхиъна йу пурхалла уьйраш. Кху тӀаьхьарчу 10-15 шарахь республикехь керла чкъор кхиъна, царах кIезиг хьакхаделла 1990-2000-чу шерашкахь герзашца хилла тӀематасадаларш. Цундела кегийрхойн кумираш ММА-н латархой бу, "Кавказан Имаратан" йа ДАӀИШ-ан тӀемалой бац. Амма кегийрхой хӀинца а бусулба умматан йукъарчу мехаллашна тӀеберзийна бу.
"Цигара повестка - йукъара йу: цу тIехь Палестина хьалхарчу меттигехь йу. Китайра уйгурашкахьа а, Бангладешера рохIиндже а ишта чIогIа гIо ца доху. Палестинехьа – чIогIа доккху. Ткъа оцу контекстехь 2023-чу шеран бӀаьста хиллачу хиламашна [ГIазза-секторехь Израилан тӀеман операци йолайалар] массо а агӀор тешаме хетачу Дагестанан йукъараллин тӀегӀанийн реакци хьалххе дуьйна гуш йара. Оццу хенахь Хасав-Юьртахь цхьана отелехь "зачистка" хилира, Нальчикерчу юкъараллин центрна цӀе теснера. Амма иэсехь дисинарг ду – ХIинжа-ГIалара кеманан турби чохь жуьгти лехар. Иза хьалххе дуьйна хууш хIума дара, амма Ӏедалша сацам бира: "ца хуьлуш диса а тарло" аьлла. ХӀун дан деза ца кхетара уьш. Дерриг а тесна дитира", - боху Черкасовс.
Амма цул тӀаьхьа, бакъонашларъярхочунна хетарехь, баккъалла а реакци хилира республикан куьйгаллера а йоцуш, федералан центрера: хӀунда аьлча, Кремло муьлхха а бозуш боцу "лахара кхочу" болам Ӏедална кхерам болуш санна тӀеоьцу.
Черкасовс масал даладо 2018-2019-чу шерашкахь Нохчийчоьнца лаьттан барт бахьанехь ГӀалгӀайчохь хилла протестан акцеш, цу хенахь федералан ницкъаллин структурийн векалша, цо дийцарехь, Магасехь хIоттийна маьрша дуьхьалонан акци питана а дина, тийсадаларшка дерзийра. Ткъа и гIуллакх тийсадаларш а ца хуьлуйтуш, дерзо гIиртинарш жигархойн хьалханчаш бу аьлла, бехкебира.
"Иштта лийлира федералан Iедалхой ковид бахьана долуш йолийначу вакцинацина дуьхьал дуккха а нах бевллачу хенахь а, Къилбаседа ХIирийчохь 5G-станцеш йахкарна дуьхьал бевлча а. Амма маьIна дацара йа ковидца а, йа 5G-ца а, йа "чип хIотторца" а. Цигахь дерг дара цхьана ойланна гонаха йукъаралла цхьаьнатохар а, массо а болам кхоллар а, иза (Ӏедалан агӀор хьаьжча) къобал дан йиш йоцуш хӀума дара. Иза демонстрацин кепехь йукъахдаккха дезара, йа кху регионехь а, йа кхечу регионашкахь а ойла ца кхоллайалийта: "вайн а дан йиш йу иза" аьлла, бохуш, кхетадо бакъонашларъярхочо.
Иза къайлаха дийцар дац, амма йерриг Оьрсийчоьнан протесташца йоьзначу политикан гучудалар ду
"И гӀуллакх а, цунна тоьхна таӀзарш а дукха хьолахь меттигера хӀума санна тӀеоьцу, билггал йолу "провинцин оьздангалла" гойтуш йу бохуш", - бохуш дуьйцу Черкасовс кхидӀа а. - Дагестанехь протестхошна дуьхьал репрессеш йар леррина цхьана дагестанхоша лело хӀумма дац. Дагестан "акха" регион йу, кхиаза йукъаралла а йолуш, боху ойла а, нийса йац. Ткъа уггаре а коьртаниг, хӀара шен долахь дийцар дац, амма йерриг Оьрсийчоьнан протесташна дуьхьал йолчу политикан гучудалар ду".
ТӀаьхьарчу шерашкахь ша-шех а, Ӏуналла доцуш а протестийн бахьана Черкасовна го Ӏедалан йуккъерчу тӀегӀанехь йолчу урхаллин вакуумехь. Кризисан хьолехь, цунна хетарехь, жоьпалла шена тӀеэца цхьа а вац.
"Президент ву, губернаторийн тIегIанехь цуьнан векалш а бу. Амма бац, йукъаралло лоруш болу халкъан веалш. "Накъостий, совцийша" ала йиш йолуш берш а бац. Цундела, лоруш болу йукъараллин куьйгалхой шерашкахь дIабохура, чубухкура, йа маргинализаци йора царна. Легитимехь ву ала тарлуш цхьаъ ву – губернатор. Кхин цхьа а вац", - боху Черкасовс.
Дагестанерчу тхан хьостано чӀагӀдо, "аэропортан гӀуллакх" хӀора доьзалх ца хьакхаделлехь а, шеко йоццуш, хIора лулахочун доьзалх" Iоттаделла. Цо бахарехь, дукхахберш оьгӀазбахана бу кхелаш республикал арахьа дӀайоьлхуш хиларна. Нехан иллюзиш йацахь а: политикан буха тӀехь долчу гӀуллакхашкахь таӀзарш наггахь бен кӀеда ца хуьлу, регион мухха йелахь а.
Цо дийцарехь, хIора таIзар динчун хIун бехк бу аьлла, ницкъахоша ма-дарра дуьйцуш цахилар бюрократин бахьанашца хилла ца Ӏаш, системан бахьанашца а кхетадойла йу: "Цо гойтуш хила тарло, цхьадолчу хьелашкахь бехккъасторхойн позици ма-дарра аьлча, ледара хилар: цхьаверг шайн гергара нах дIакхетош аэропорте баьхкинера, цхьаверг цигахь болх беш хиллера таксхо санна, кема охьадосаре хьоьжуш Iаш, цхьаверг и хIун ду хьажа лиъна веанера".
Дерриг а Украинана тIедиллар
Редакцин хьостанашна хетарехь, къепедацарш вовшахтоьхна бохуш болчу нахана бехкаш дахкар ницкъаллин структурашна тIера жоьпалла дIа а даьккхина, и дерриг а цхьанна тIехь дита лелош хIума ду: бехке арахьара мостагӀий бу.
"Цкъа делахь, "Утро Дагестан" телеграм-канал баккъалла а шаьш шайна вовшахтохаран а, координацин а каналех цхьаъ йара. Проблема йу, оццу [2016-чу шарахь дуьйна Украинехь вехачу Оьрсийчоьнан депутато] Пономарев Ильяс шо хьалха - 2022-чу шеран гурахь цу каналан спонсор ша ву аьлла, дIахьедар. ТIамна дуьхьал дуккха а нах арабовлучу муьрехь ду и. Цул тIаьхьа Саситлинский Iумарца а, кхиболчаьрца а некъаш дӀасакъаьстира, ткъа и зӀе кхин хилла йацара церан. Амма, дагестанхойн гIуллакхш лелош боцуш, федералан коьрта сюжет лелочу- къаьсттина Украинаца мел доьзнарг тидаме оьцучу Оьрсийчоьнан талламхошна хетарехь, тамашен дара – 2023-чу шарера дагестанхойн хиламаш Пономаревца буоза таро хилар тесна дитинехь", - бохура Черкасовс.
Цо бахарехь, изза дара "Крокус Сити Холлехь" динчу терактах хиллачу гIуллакхехь а. ХIетахь талламхойша цуьнца "буьйзира" гIалгIайн батIалхьажойн тайпанан декъашхой а.
Протест цIеххьана вовшахтоьхна хиллехь а, и хьал кхин а тIе десто луурш а бара
"Хетар дара, муха барт балур бу гӀайгӀане суфистийн гоне пайхамаран заманара "цӀена" дин лелочу агӀончашца а, нийсо лелийначу дайшца а? Иза теологин агӀор далур доцуш хӀума ду. Амма зӀе гучуйелира - хӀунда аьлча, батIалхьажойх цхьаъ ведда Украине дIавахара, дуьненаюкъарчу низамашца Iалашвеш а вара иза цигахь, Одессера адвокатан ницкъашца (вуьйцург ву Белхороев Илес. - Билгалдаккхар).
Дагестанера тхан хьоста а тешна ду, къепедацарш "вовшахтоьхнарш" бу бохучу нахкана дохку бехкаш талламчаша, Кремлехь волчун лаам кхочушбархьама хIоттийна сурт ду аьлла. ХӀинжа-ГӀалахь хилларг, боху цо, "республикехь стабилалла ца хиларан а, йукъараллин синхаамаш карча тарлуш хиларан а онда сигнал йу". Бехке бинчарна йукъахь ву ур-атталла Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал дӀахьочу тIамехь дакъалаьцнарг а цхьаьна.
"Дуьйцур вай, дагестанхойн полисхошна Саситлинский Iумар даим а "бIоба" хеташ хиларна тIера, - билгалдоккху къамелдечо. – Бехкаш цунна тIе дохкуш Iедал ду 2000-чу шерийн йуьххьера схьа дуьйна. Цунна бехке дуьллу цхьана хенахь ДАӀИШ-на а, Джабхат ан-Нусрана а ахча латтор (и ши организаци вовшашца луьра мостагIалла долуш йара), йуха бехкево шен доларчу фондашка наха дохку ахчанаш терроризмна гӀо дан хьежадо аьлла. Дуьненаюкъарчу лехамашкахь а вара Саситлинский, амма тӀаьхьо Интерполо къобалдира цунна тӀехь латтош йолу гӀело политикан бухца хилар – хӀинца иза федералан тептарехь бен вац".
Ткъа, "Утро Дагестан" ресурсан долахойх бу бохучу Пономаревх а, Абакаровх а лаьцна аьлча, цу хьостанна хетарехь, церан алсам бахьанаш ду оцу гӀуллакхехь бехкебан, хӀунда аьлча, цу каналехула хьал талхийна, арадовла, жуьгтий леца бохуш, кхайкхамаш бина.
"Протест цIеххьана гIаттийна хиллехь а, и хьал кхин а тIе марсадаккха луурш алсам бара. "Организаторш" бара бохурш а кхаьстина бевлла: ресурсан блогер, администратор санна волчу Абакаровс дарбора ницкъахой. Пономарев – оцу тобанехь Украинаца а, цуьнан Ӏедалшца а цхьа шатайпа зӀе латтош верг санна. Саситлинский – Оьрсийчоьнан бахархошна гуттаренна а "бIоба" санна а, гIуллакхна исламан экстремизман амат хилийта а гIирс бу. "Украина ДАӀИШ-ца йукъаметтигаш лелош йу" боху хабар даржо таро лун", - дерзадо шен дийцар къамелхочо.