Москвано дакъалаьцна? Нохчий а, Берлинера "бандитийн тIемаш" а

Немцойн полиссхоша шеконашца волу стаг лоцу. Гайтаман сурт

Немцойн хаамийн гӀирсашкахь алсам хьахош бу нохчий Берлинера зуламхойн девнашца уьйраш йолуш бу олий – ткъа оцу хӀумано кхин тIе а даздо кегийчу къаьмнийн тобанаша шайн Iаткъам бан лаар къуьйсу боху хабарш. Амма цу текстийн коьртехь йаздечунна техьа хаало културин башхаллаш а, медиаша гамонца дуьйцуш хилар а, Германера нохчийн диаспорехь дерг кхин а чолех долуш санна. Тхан сайто листира цуьнан нюансаш.

Берлинехь "бандийн тӀемаш" буьйцучу йукъанна, полицино йоккха рейд дIайаьхьира 23 адресашкахула товбеца-бутт чекхболуш. Операцин Ӏалашо йара экстремистийн идеологи къастор а, йукъахйаккхар а. Талламаш бира ишта Хоэеншёнхаузен кӀоштарчу мухӀажарийн хIусамашкахь, и гIуллакх хьакхаделира бусалба нахах а.

Bild газето фейсбукехь рейдех лаьцначу публикацина бухахь луьра критика йира Германин миграцин политикана. И материал шуьйра цитаташ а йина, йаржийра луларчу пачхьалкхашкахь. Оцу юкъанна Би-Би-Си-но немцойн маттахь видео зорбане йаьккхира, "Берлинехь Ӏожаллин бандитийн тӀом. Нохчийн тукхамаша къийсам латтабо криминалан дуьненехьа" аьлла. Амма бакъду, а цу ролика тIехь нохчех лаьцна аьлла дош а дац.

Дуьйцург тӀечӀагӀйина йоцу информаци йу, наггахь ур-атталла дезинформаци а хуьлу

Германехь нохчийн диаспораца йоьзна криминалан инциденташ кест-кеста нислуш йу. Масала, мангал-беттан 10-чу дийнахь Берлинехь овхӀанхошца дов даьллачу нохчийн боксерна Юсупов Абуна логах урс диттира. Диъ беран да вара иза, цуьнан накъосташа дийцарехь, шен сийна йа шен доьзалан сийна уьш тIекхевдина ца хиллехь, нахана хьалха девне вер волуш стаг вацара иза. Цуьнан кхалхар а цхьаболчу хаамийн гӀирсаша "нохчийн мафи" жигарайалар санна гойтуш ду. Юсупов вевзаш хиллачу массара а иза оьзда стаг вара бохуш, вуьйцуш велахь а.

Товбеца-беттан 20-чу дийнахь Берлинехь урамашкахь кхин а цхьа дов иккхира: мила ву ца хуучу стага герз тоьхнера кхечу стеган когах. ТӀечӀагӀбазчу хаамашца, вийнарг курд ву, билгалдаьккхина дац тӀелатар динарг мичара схьаваьлла ву аьлла. Дукха хан йалале оццу кӀоштахь дуккха а нах вовшахкхетта, дов даьлла, урс диттина, нах бойуш дирзира. Цу хьокъехь йазйинчу артиклехь меттигерчу журналисташа дагалоьцура дукха хан йоццуш хилла кхин цхьа гӀуллакх, вевзаш воцчу стага иштта гӀалин вахархочунна когах герз тохар. Кхеташ дац, и гIуллакх нохчашца муха доьзна ду. ХӀетте а, телеграм-каналашкахь а, зорбанашкахь а коьртехь хаттар билгалдоккху: "Цунна тIехьа а нохчий бу?" олий.

Иштаниг дуьххьара хуьлуш хIума дац. 2019-чу шарахь Берлинехь Ичкерин командир Хангошвили Зеламха вер а цхьайолу зорбанаш гIоьртира исламист иза хилча санна дIагайта. Иза вевзаш хиллачу наха дийцарехь, криминалан а, йа радикалана а боламашкахь дакъалоцуш вацара Хангошвили. Кхо а гойту, нохчех схьаваьлла хилар бахьана хуьлуш хилар меттигерчу хаамийн гIирсашна цунах лаьцна харцахьа дийца. Вуьйцург политикан бахьанашца вийна велахь а.

Товбеца-бутт чекхболуш цхьа могӀа тасадаларш хиллачул тӀаьхьа хаамийн гӀирсаша хаам бира талламхочунна тIе а тийжаш, нохчийн зуламхой кхечу тобанашца цхьаьна а кхетта, гӀаличуьра дозанаш дӀалеца дагахь бу аьлла. Амма чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло юьхьанца динчу дӀахьедарехь нохчий хьахийна бацара. Берлинерчу полицин векало Нат Флориана билгалдаьккхира: "Оха хьал вуно лерина тӀеоьцу, жигара гӀулчаш а йохуш, кхин дӀа а ницкъ барна дуьхьало йийр йу оха".

Оцу йукъанна DIE ZEIT газето хаамбира, карарчу хенахь данне а тоьшаллаш дац и инцидент "бандийн тӀемашца" йоьзна хиларан аьлла. Пачхьалкхан прокуроран векало Бюхнер Себастьяна дийцарехь, тӀаьхьарчу хенахь хилла тасадаларш, хетарехь, "ларамаза ницкъбаран эскалаци" йу, вовшахкхетта димна зуламаш дац.

Шен цӀе йаккха цалуучу Берлинерчу диаспорера нохчийн юкъараллин гIуллакхдархочо дийцарехь, Германерчу Ӏедалша а, йукъаралло а кест-кеста харц тидаме оьцу хиллачу девнашкахь нохчийн хилла ма-дарра долу бахьанаш. Нагахь санна, цхьаммо шена тӀелатар дича, йа кхерам тесча дуьхьал жоп лахь, дац иза доза схьадакха гIортар шен менталитетаца йогIу реакци йу. Цул совнаха, нохчийн хилла ца Iа ишта амал, Кавкахера схьабевллачу дуккхаъчийн а йу – бандийн тобанашкара тӀеӀаткъам лан шаьш кийча цахилар гайтархьама.

"Даим а вайнаш кхетон хьийза тхо, немцойн низамийн гурашкахь листа деза хеттарш, шайггара хIуммаъ а лело мегар дац бохуш. ХIетте а со кхета: церан метта суо а нислахь - ас и изза дан тарло, доллучун а оцу меттехь йист йаккха хьожур вара со а", - бохура къамелдечо.

Цо чӀагӀдо, нохчий баккъалла а ницкъ болуш бу сиха вовшахкхета а, "муьлххачу а стагаца" цхьаьнакхета а, амма цара аьттехьа а тIе ца оьцу "мафи" санна. Иза мелхо а лаккхара цхьаалла хиларан а, кхечу къаьмнийн йа зуламан тобанашна дуьхьало йан кийча хиларан а гайтам бу, нагахь санна уьш кхерамаш тийса буьйлалахь.

Миграцин а, мухӀажирийн а гӀуллакхашкахула йолчу Федералан урхалло бинчу хаамца, 2019-чу шарахь Германехь вехаш вара Къилбаседа Кавказера 50 эзар кхаччалц вахархо, царех 80 процент нохчий бара. Дукхахберш тийна-таьIна, низам лардеш беха, ткъа къайлахчу сервисашна интерес йолчу нехан терахь хӀетахь 200 сов дацара. ХӀетте а, тӀаьхьарчу шерашкахь нохчийн къомах болчу мухӀажаршна депортаци йар алсамдолуш ду Европерчу пачхьалкхашкахь, Украинана дуьхьал тIом бан бахийта Оьрсийчоьнехьара царна кхерам боллушехь.

Йукъаралхочунна, блогерна Белокиев Исламна хетарехь, дозанал арахьарчу нохчашна дискредитаци йен кампани йолор – Оьрсийчоьно бинчу Ӏаткъаман тIаьхье йу. Цо бахарехь, Кремлна мехала ду суверенитете гIерта нохчий дуьненайукъара гIортор йоцуш бисар. Москвано, кхин дӀа а дуьйцу къамелхочо, Малхбузенца конфликт хилар йукъара ца доккху, кхеташ йу, ишттачу хьолехь Европерчу пачхьалкхаша йуха а Ичкери къобалъйаран хаттар айдан мегаш хиларх – Украино хӀинцале а дина ма-хиллара.

"Дуьххьара шо дац Оьрсийчоь малхбузен йукъаралла йохо хьийза, аьтту а, аьрру а агIор болчарна йукъара хьал кхин тIе а дулуш. Оцу кепарчу гIирсах хилла миграцин кризис, Москвано дакъалаьцна цигахь – шемахойн тIамехь дакъалацар а ду цуьнца. Дуккха а маьрша нах байаро бIеннашкахь нах декхаре бира Европе бовда. Оьрсийчоь йолайелира информацин а, политикан а гIортор латто йолайелира, мигранташна дуьхьал болчу аьтту агIор ницкъашна. И хIума тахана схьадохьуш ду: Полшица а, Беларусица а долчу дозанехь гулло мухIажарш, уьш цига кхачош бу Москвано контрол а латтош. Оцу наха цул тIаьхьа штурм йо Евробертан арахьарсу дозана, тIаккха ультрааьтту агоIр болчу ницкъийн позицеш чIагIло, ур-атталла Оьрсийчоьнехьа озабезам латтош а",- бохура Белокиевс.

Цундела, дерзош элира цо, европахойн зорбанашкахь "вочу нохчех" рогIера дийцар гучудолий, цо Кремлан ши Iалашо кхочушйо: нохчашна а, церан маршонехьа гIертарна а дискредитаци йо, аьтту агIонан ницкъийн позицеш чIагIйо, малхбузен йукъараллаш йукъара барт а эгIош.

Тхан бала бац цхьана а "мафиозин девншаца"

Бакъоларйархочунна Черкасов Александрна хетарехь, нохчий "йевза бренд" хилла дIахIиттина – цундела цара кеп-кепарчу резонансе хиламашкахь дакъалаьцна бохуш, зорбанашкахь гучубуьйлу хаамаш ларлуш тIеэца безаш бу.

"Бучехь дина зуламаш толлуш, дуккхаъчара тешна дуьйцура нохчаша дакъалацарх лаьцна. Цара чӀагӀдора, тоьшаллаш тоьал ду бохуш. Амма таллам бечу хенахь гулдинчу Оьрсийчоьнан къаьмнийн тайп-тайпанчу меттанашкара 130 аудиохаамех цхьа а бацара нохчийн маттахь. Цундела нохчий цу йукъахь хилар тIечIагIдар ца хилира", - аьлла, масал далийра Черкасовс.

Эмиграцехь вехачу нохчийн политикна Сулейманов Джамбулатана хетарехь, проблема йу нохчий шаьш шайна идеализаци йан лууш хилла ца Ӏаш, шайна гонаха болчаьргара а изза хиларе сатуьйсуш хиларца. Европехь цаьрца юкъаметтигаш лелош болчара, дукха хьолахь, нуьцкъала махкахбаьхначу хьелашкахь мухӀажарша дӀадала йиш йолчул а алсам сатуьйсу.

"Тахана дуккха а хIума ду нохчийн клишена аьлла хьажийна – уггаре а хьалха, Евробертан а, Американ а пачхьалкхашкахь нохчийн диаспора дикачу агӀор тӀе ца эцийтархьама. Немцойн а, Австрерчу а зорбанашкахь дуккха а негативан публикацеш йара, ткъа иза цхьана декъехь Францехь а тидамехь латтийра. ХӀаъ, хенан йохалла нохчийн политикан а, юкъараллин а структураша, диаспораша, Европехь жигара дӀалоцучу позицино хийца мега хьал. Аьлча а, факташца а, терахьашца а гайта, вай юьйцург тӀечӀагӀйина йоцу информаци йуйла а, наггахь Малхбузерчу цхьацца хаамийн гӀирсашкара йа цхьаццаболчу нахера дезинформаци йуйла а", - дIахьедира Сулеймановс.

"Европерчу нохчийн ассамблеян" координаторо, цуьнан немцойн декъан куьйгалхочо Дадуев Ӏийсас билгалдоккху, диаспоро тергал а ца йира газеташкахь тӀаьххьара "гӀийбат" дар, шаьш даима а цу кепарчу зорбанашна реакци йеш, харц информаци бакъ ца йеш, жоьпаш лоьхуш хиллехь а.

"Ас телефон туьйхира Берлинера вайн берашка – царан тIе кхуллург, йа хаамийнигIирсашкахь дуьйцург аьттехьа а бакъ дац бохура уара. Нохчий йукъахь болуш хилла хIума дац и. Ас къамел мел динарш цецбуьйлура, оцу аьшпех мила ву тешар волуш бохуш. Кхузахь хIора а шен доьзалца, дешарца, балхаца, проекташца бала болуш ву. "Мафиозин къийсадаларшца" тхан бала банне а бац. BILD газето хIуъа а йаздинехь а, дахначу мукъаденошкахь нохчашца доьзна хилла цхьа а хIума дац", - дерзийра Дадуевс.

  • Таркоев Гелани – ГIалгIайчохь веха нохчо ву. ТIаьххьарчу бархI шарахь Европера кхо пачхьалкх хийцина цо, масанхьа а дуьхьало йора иза тIелаца, хIинца депортаци йан кхерам лаьтта цунна. Нохчийчу Орсийчоьнан эскарш дахкаран дуьхьал хиилла ву иза 2000-чу шерийн йуьххьехь дуьйна, Ичкери йозуш йоцуш хила лууш а вараЮ цо дакъалаьцна тIамна дуьхьалчу митингакахь, шен доьзалца цхьаьна гIо дора мухIажаршна. Тхан сайто дуьйцу цунах лаьцна.
  • Евробертан пачхьалкхашкахь бехачу Къилбаседа Кавказера тховкӀело лоьхучарна хала хан йеара 2024-чу шарахь. Бакъонашларъяран организацеша кхайкхамаш а беш, протесташ йешшехь Оьрсийчоьнан дехарца Интерполехула Европера экстрадицеш йар дӀадоьдуш ду.